- Курс-практикум «Педагогический драйв: от выгорания к горению»
- «Труд (технология): специфика предмета в условиях реализации ФГОС НОО»
- «ФАООП УО, ФАОП НОО и ФАОП ООО для обучающихся с ОВЗ: специфика организации образовательного процесса по ФГОС»
- «Специфика работы с детьми-мигрантами дошкольного возраста»
- «Учебный курс «Вероятность и статистика»: содержание и специфика преподавания в условиях реализации ФГОС ООО и ФГОС СОО»
- «Центр «Точка роста»: создание современного образовательного пространства в общеобразовательной организации»
Свидетельство о регистрации
СМИ: ЭЛ № ФС 77-58841
от 28.07.2014
- Бесплатное свидетельство – подтверждайте авторство без лишних затрат.
- Доверие профессионалов – нас выбирают тысячи педагогов и экспертов.
- Подходит для аттестации – дополнительные баллы и документальное подтверждение вашей работы.
в СМИ
профессиональную
деятельность
Открытый урок на тему Ц1ердешнийн дожарш
Внимательно пишите свое имя и название материала! Они будут указаны в свидетельстве именно так, как вы их напишите.
Заголовок на свидетельстве будет выглядеть более красиво, если вы укажите тип разработки (Урок, Текст, Конспект и т.д.) и тему в кавычках (например, Конспект урока «Теорема Пифагора»)
Ц1ердешнийн дожарш
______________________________________
Тема: Ц1ердешнийн дожарш
Урокан тайпа: 1амийнарг т1еч1агдар
Г1ирс: интерактивни у, слайдаш, учебник, карточкаш.
1алашо:
Личностни: 1амош йолу материал,юкъараллехь ,практикехь и эшарехь кхетар;
Метапредметни: дожарийн ц1ераш, церан маь1на ,рог1алла,хаттарш хаар, дожарех пайда эца хаарш кхиор,ша дуьйцург логически маь1на долуш,говза схьаала хаарш:
Предметни:хьалха 1амийнарг карладаккхар.
Урок д1ах1оттор
-Де дика хуьлда шун массера а!
Тахана вайн нохчийн меттан урок ю.
-Бераш хьовсал шу х1окху малхе, ма белабелла хаза бу и, цо массарна а йовхо ло.
Х1инца и малх санна дела а лой вовше хьовсал, иштта хаза хетарца д1айолор ю вай вешан урок.
Урокана кечам бар.Хьехархочуьнга маршалла хаттар.
Х1ума довзаран жигалла.
Уроке шовкъ кхоллар
«Йист йоцу х1орд санна бу хьуна шортта
Ша хууш волчунна вай нохчийн мотт…»
Шайхи Арсанукаев
Ненан мотт бохург доккха х1ума ду.Нохчийн халкъан кица ду:Мотт бу-къам ду, мотт бац-къам дац!»Оцу дешнаша кхачош ду дерриге а.
Цхьаболу нах шайн берашна оьрсийн,я ингалсин мотт хиъчахьана, церан х1окху дахарехь цхьана т1ег1ана т1ехь кхиам хилчхьана шайн декхар кхочуш хуьлу, шаьш шайн доьзал ирсе бо моьттуш. И бакъ дац, уьш Іехабелла, цхьана ханна тиларчу бахана бу.
-Ненан маттах долу къамел вай деш хилча, уггар хьалха оцу меттан хазалла, цуьнан цІаналла, цуьнан исбаьхьалла, цуьнан куц-кеп дуьйцуш, цуьнан сурт хІоттош дийца деза. Ша дуьйцург маь1на а долуш, говза схьаала 1амо деза, маь1ница д1аала а,мелла а нийса язъян а хуар ду вайн дожарш хууш хилча . Тахана мелла а кху урокехь ненан мотт нийса бийца хааран некъа т1ехь болх бийра бу вай, хаарш к1аргдеш, совдаха хьовсур ду.
Урокан проблема х1оттор
Актуализация знаний
Ц1ахь бина болх таллар
Ц1ахь кхочушъйина шардар таллар
Болх нийса бацахь нисбан а, 1амийнарг карладаккхар
Урокан тема а, 1алашонаш йовзийтар
Х1умнаш, адам билгалдо Мила? Х1ун ю?-хаттарш ло
Ойлаяй, хьо дийций вала…
Соьх х1ун олу ахьа ала
Стенах лаьцна дуьйцур ду вай тахан урокехь?
-Х1ун ю ц1ердош?
-Муха хийцало ц1ердешнаш?(классашца,терахьашца,дожаршца а,)
-Маса класс ю?
-Маса терахь ду?
- Нохчийн маттахь масса дожар ду?
-Дожарш шайн хаттаршца схьа хьа дуьйцур дара вайна?
Стенах олу лач-дожарш?
-Т1акхха х1ун ю вай урокан тема хьа эра дара аша?
-1алашо х1ун ю вай урокан?
Тема а, 1алашо а йовзуьйту.
Х1ора дожаран ше-ше маь1на ду.
Ц1. –дош юьхьанцара форманехь хуьлу, нийсса х1уманан ц1е йокху.
Дл.-Х1ума цхьаннан долахь хилар гойту,я х1уманан юкъаметтигалла гойту.
Л.-Х1ума цхьанна д1алуш хилар гойту,я г1уллакх цхьанна кхочуш деш хлар гойту.
Др.-Дар хьан? Я стен? Кхочушдеш хилар гойту.
К.-Дар хьаьнца? Я стенца? Кхочушдеш хилар гойту.
Х.-Хьанах?. Я стенах? Лаьцна дуьйцуш хилар гойту.
М.-Х1уманан меттиг гойту.
Дс.-Х1ума стенах юсту гойту
Хаттаршна жоьпаш ло
1амийнарг карладаккхар, т1еч1аг1дар.
Къамел кхиор
-А) (Х1етал-металш.)
Цо совдоккху хьекъал,кхетам
Адам деза,бан къинхетам .
Нийса ойлайойту вайга,
Даг чуьра д1айоккху ойла? (дешар)
Хьуьнхахь корта беттий-беттий,
Ц1а кхаьчча дижина 1уьллу. (диг)
Цергаш ца юхку,керта а ца вуьту (дог1а)
-Б1аьста ,гурахь бедаршца ду ,
1ай пекъар дерзина ду?(дитт)
-Дарбане некъа йистанца куьш йолу бецан тайпа.(динберг)
Б)Дашна юкъахь дош караде:(парни болх)
Динберг-бер,берг,дин,де,бен,герб
Керланиг довзийтар.Дашна т1ехь болх.
Дахарца з1е тасар
Сада1аран минот
Базалго диннарг де (Видео 1,5 минот)
Схьагойтучу суьрта т1ехь дийриг до.
Берашкак са да1ийар
Ц1. Мотт вай лар ца бахь, цуьнан сий ца дахь, вайн къоман сий дужур ду.
Дл. Метт сий ца дечо, шен ненан сий ца до.
Л. Матт шера хилар дац коьртаниг, говза хила веза.
Др. Матт дайн г1иллакхаш лардо.
К. Матт ч1ог1а доьзна ду г1иллакхаш, оьздингалла, лелар.
Х. Матт къахета эшац, цунах эхь хета деза.
М. Матт болу безам дагчохь, ц1ийх-т1амарх боьлла хила беза.
Дс.Ненан матт хаза а, сийлахь а х1ума дац!
Кхетош-кхиоран минот ( видео Хабаев Исмаил «Нохчийн мотт ца буьйцучаьрга кхайкхам»,1 минот)
Шайна д1аделлачу кехата т1ехь тобанца болх бо
Тобанца болх ба хаар
Т1еч1аг1дар
Ц1ердешнийн дожаршна т1ехь болх:
Баркалла нанна, цабезам мостаг1е, декхарийлахь ву махкана, къахийтира берах, хьоьжура кемане, воккхачу доттаг1чул, дешаран книгийца.
Коьртачунна т1ера дозуш долчунна хаттар а луш, ц1ердешнийн дожар билгалдокккху.
Ц1ердешнийн дожарш т1еч1аг1дар
Шимма цхьана бен болх
Дукхаллин терахье даха, билгалъяха грам.классаш:
Ручка, накъост, дешархо,йиша, болх, ага, рама, к1ант, кехат,седа,нана, нус, 1аж, муш.
Уллехь волчуьнца дага а волуш болх бо
Ц1ердешнийн классаш а, терахьаш а т1еч1аг1дар.
Ловзаран миноташ(тобанашкахь)
Анаграммаш
Мекха нах
къолам рама
уг1ар нал (акха хьакха)
Берашка тобанашкахь болх байтар, вовшашца цхьа барт болуш жоп билгалдаккхийтар
Урокан жам1 дар
-Х1ун карладаьккхи вай кху урокехь?
-Керла х1ун 1емира шуна?
-Стенах ца кхийтира шу?
-Урокана х1иттийна 1алашонаш кхочуш хилла аьлла хетий шуна?
Хатитаршна жоьпаш ло
Урокан 1алашонаш кхочуш йина, я ца йина хьажар
Ц1ера болх
карлаяха бакъонаш пар.49-53;
шардар 245-г1а;
урам,яздархо,х1аваъ дешнаш дожаршца хийца.
Ша шен мах хадор
5 -Аса тахана дика болх бира,сан цхьа а г1ала дацара!
4-Аса тахана болх бира, амма кхин а дика балур бу аьлла хета суна т1аьхьарчу урокашкахь!
3-Суна тахана хало дара, амма аса шортта къа хьоьгур ду!.
Адрес публикации: https://www.prodlenka.org/metodicheskie-razrabotki/386936-otkrytyj-urok-na-temu-c1erdeshnijn-dozharsh
БЕСПЛАТНО!
Для скачивания материалов с сайта необходимо авторизоваться на сайте (войти под своим логином и паролем)
Если Вы не регистрировались ранее, Вы можете зарегистрироваться.
После авторизации/регистрации на сайте Вы сможете скачивать необходимый в работе материал.
- «Антитеррористическая защищенность: требования к обеспечению безопасности образовательной организации»
- «Основы обучения иностранному языку»
- «Читательская грамотность: особенности работы по развитию функциональной грамотности у обучающихся»
- «Особенности развития детей с нарушениями зрения»
- «Сопровождение детей с ограниченными возможностями здоровья в дошкольном учреждении согласно ФГОС ДО»
- «Педагог-воспитатель ГПД: организация учебно-воспитательного процесса в специальной (коррекционной) школе по ФГОС»
- Преподавание в организации среднего профессионального образования
- Психология и педагогика дошкольного образования
- Педагогика и методика дошкольного образования
- Физическая культура. Педагогическая деятельность по проектированию и реализации образовательного процесса
- Мировая художественная культура: теория и методика преподавания в образовательной организации
- Современные технологии социального обслуживания населения

Чтобы оставлять комментарии, вам необходимо авторизоваться на сайте. Если у вас еще нет учетной записи на нашем сайте, предлагаем зарегистрироваться. Это займет не более 5 минут.