- Курс-практикум «Педагогический драйв: от выгорания к горению»
- «Формирование основ финансовой грамотности дошкольников в соответствии с ФГОС ДО»
- «Патриотическое воспитание в детском саду»
- «Федеральная образовательная программа начального общего образования»
- «Труд (технология): специфика предмета в условиях реализации ФГОС НОО»
- «ФАООП УО, ФАОП НОО и ФАОП ООО для обучающихся с ОВЗ: специфика организации образовательного процесса по ФГОС»
Свидетельство о регистрации
СМИ: ЭЛ № ФС 77-58841
от 28.07.2014
- Бесплатное свидетельство – подтверждайте авторство без лишних затрат.
- Доверие профессионалов – нас выбирают тысячи педагогов и экспертов.
- Подходит для аттестации – дополнительные баллы и документальное подтверждение вашей работы.
в СМИ
профессиональную
деятельность
Т1едерзар. Т1едерзарехь 1амийнарг карладаккхар
«Т1едерзар. Т1едерзарехь 1амийнарг карладаккхар. ОГЭ – н кечам бар.»
Муниципальное бюджетное общеобразовательное учреждение «Гимназия №2» г. Грозного
Урокан ц1е:
«Т1едерзар. Т1едерзарехь 1амийнарг карладаккхар. ОГЭ – н кечам бар.»
8 « А» класс
Махмудова Айшат Таусовна, первая категория
г. Грозный
21.03.2017
Хьехархочун ц1е: Махмудова Айшат Таусовна
Класс: 8 «А»
Терахь: 21. 03. 2017 ш.
Предмет: нохчийн мотт.
Урокан ц1е: Т1едерзар. Т1едерзарехь 1амийнарг карладаккхар. ОГЭ – н кечам ( № 10 задани)
Урокан тайпа: Хуучу хаарех пайда эцаран урок.
Урокан кеп: Тобанашкахь болх, фронтальни болх, шаьш беш болу болх, кхолларалин болх.
Урокан г1ирс: учебник, ручка, тетрадь, кехаташ, слайдаш.
УМК: Д. З. Джамалханов, Т. М. Вагапова, Я. У. Эсхаджиев
Урокан 1алашо: Т1едерзарехь 1амийнарг карладаккхар. Къамелехь цунах пайдаэца хаар, йозанехь т1едерзар сацаран хьаьркаш нийса х1итто хаар. КПЭ кечам бар. (№ 10)
Кхочушдан лерина жам1аш а:
Предметни:предложенешкахь т1едерзар каро а, ц1оьмалг1ашца и къасто а. Т1едерзар хазахетарца олуш делахь цунна т1ехьа айдаран хьаьрк йиллар.
Метапредметни:шайн урокан ц1е билгалъяккха а, книги т1ехь гайтинчу г1ирсах пайда а оьцуш, шайн болх д1анисбан а, вовшашца цхьана болх бан а, ша-ша бан. Деллачухаттаршна буха болуш (масалаш далош) жоьпаш дала, шайна хетарг д1аала, и нийса хилар т1еч1аг1дан.
Личностни: Шен матте болу безам т1еч1аг1ар. Берийн ойла дешарна т1еерзор.
Урок д1аяхьар
Урокан белхан кеп д1ах1оттор
(Маршалла хаттар, охьаховшар, урокана оьшу г1ирс кечбар).
Марша дог1ийла шу, хьоме бераш а, хьеший а. Хьеший беркат ду!
Малх санна къегина хаза ду таханлера де! Малхо дуьне къагадо, серладаккху, ткъа хьешаша беркат дохьу.
Стигал, стиглара седарчий, малх, бутт го вайна. Ткъа сингаттамо та1ийна, кхуьйлина дог, малх кхеттачу дийнахь айало.
Тахана бода а боцуш малхо къагайойла лаьар - кха вайн х1усам (керланиг довзарца а, хаарш талларехь а).
Уьн т1ехь кхайкхам:Хабарш меллаша дийца!
Вовшашца г1иллакхе хила!
Д1аса – схьа меллаша ховша!
Берийн ойла дешарна т1еерзор (целепологани мотиваци)
Хьовса Ахматов Вахас язйина Даге хьехам байте
Гайтаран диктант
«Даге хьехам»
Хьайн къоман сий ахь кхадахь,
Хьайца бен хьан ойла яцахь.
Хьай ден-ненан сий деш дацахь,
Хьайн сий дайний хаалахь, дог.
Даймахке хьан безам бацахь,
Цунна даца кийца дацахь.
Дайн г1иллакхаш доцуш дагахь,
Хьо цхьалха дуй хаалахь, дог
Ахматов В.
Дешнаш т1ехь болх
Кхада – обрезать, подрезать.
- Оьшучу интонацица д1аеша байт?
- Х1ун хьехам бо авторо?
(Шен къомана, махкана хьанала хила везар а, ден – ненан сий а деш, дайн г1иллакхаш лоруш, ваха 1амадо вайна оцу мог1анаша)
- Хьаьнга бо цо и хьехам? (Даге)
- Хьовсал х1ун меже хир ю и? (Цхьа меже хир яц, т1едерзар ду).
- Х1ун ю вай урокан ц1е (т1едерзар, т1едерзарехь 1амийнарг карладаккхар).
- Х1ун 1алашо хир ю вайн?
Фронтальни хаттарарш
-Стенах олу т1едерзар?
(Хьаьнга я стенна т1едерзийна деш ду къамел гойтучу дашах т1едерзар олу)
-Муха хуьлу т1едерзарш? (даьржина а даржаза а).
- Т1едерзар къастош муьлха сацаран хьаьркаш х1иттайо? (Т1едерзар предложении юьххьехь делахь,цунна т1ехьа запятой юьллу,ткъа иза ч1г1очу эшаррца алахь,айдаран хьаьрк луьллу. Юккъехь хилахь шина а аг1ор запятой юьллу, чаккхенгахь хилахь,запятой хьалха юьллу.
Бакъонаш йийцаран, мах хадоран критереш
«5» - дешархочунна бакъо хаьа, нийса, хьалха – т1аьхьалла ган а ца йоккхуш схьаюьйцу, г1алат ца волуш я соцунга а ца еш.
«4» - дешархочунна бакъо хаьа, делахь схьайийцаран хьалха – т1аьххьалла галъяккхина, соцунг1аш а йина.
«3» - дешархочунна бакъо кхоччуш ца хаьа, схьайийцаран хьалха – т1аьххьалла галъяьккхина,1-2 фактически г1алат даьккхина.
«2» - дешархочунна бакъонаш ца хаьа, схьайийцарехь шиннал сов фоктически г1алат даьккхина.
Чекхъяха предложенеш
Чекхъяха предложенеш, т1едерзарш билгалдаха, уьш синтаксически талла. 2- 3 – дешархочунга уьн т1ехь болх бойту.
Къега сан сан хьоьца малхаца Даймохк.
Дикалла Нана хьан яц цкъа а кхачалур.
Дагчохь сан даимна ву хьо доттаг1 вехар сан.
Стенца? Хьенан? Х1ун? Муха? Х1ун до?
Сан Даймохк, хьоьца сан дахар малхаца къега.
Хьенан? Х1ун? Х1ун дийр дац? Маца?
Нана, хьан дикалла кхачалур яц цкъа а.
Х1ун дийр ду? Мила? Хьенан? Мичахь?
Сан доттаг1, вехар ву хьо сан дагчохь даимна!
Т1едилларан мах хадоран критереш:
«5» - цхьа а г1алат ца даьккхина т1едилларехь.
«4»- 1-2 г1алат даьккхина т1едилларехь.
«3» - 3-5 г1алат даьккхина т1едилларехь.
«2» - 5 сов г1алаташ даьхна т1едилларехь.
Мукъа хан
«Мукъа хан» йолуш дешархошка паранашца болх бойту
Даймох, Нана, Доттаг1 бохучу дешнашна синквейнаш х1иттайойту.
«Мукъа хан» т1едилларан мах хадоран критереш:
«5» - цхьа а г1алат ца даьккхина т1едилларехь.
«4»- 1-2 г1алат даьккхина т1едилларехь.
«3» - 3-5 г1алат даьккхина т1едилларехь.
«2» - 5 сов г1алаташ даьхна т1едилларехь.
Тобанашкахь болх
Тобанашхь бечу белхан девиз:
«Хьо 1еминий - кхинвер 1амаве, кхинверг 1амош – хьо а 1ема».
Кхо тускар
Предложенин юьххьехь
Предлодеженин юккъехь
Предложенин чакхенгахь
Хьо ца хилча, сирла малх, хаза хир дацара дахар!
Ма мерза ю хьоьца яьккхина хан, хьомсара нана!
Доттаг1а, хьалаг1атта, малх кхетта арахь, ма хаза ду вайн кертахь, къаьстина тахна.
К1ентий, хилларш, лелларш д1адевлла.
Ахьа лелориг х1ун ду, ва нана?
И вара, х1ай х1орд, хьан илланча.
Ахьа хьайна таллам бе
Предложенин юьххьехь:Доттаг1а, хьалаг1атта, малх кхетта арахь, ма хаза ду вайн кертахь, къаьстина тахна. К1ентий, хилларш, лелларш д1адевлла
Предлоденин юккъехь: Хьо ца хилча, сирла малх, хаза хир дацара дахар! И вара, х1ай х1орд, хьан илланча.
Предложенин чакхенгахь: Ма мерза ю хьоьца яьккхина хан, хьомсара нана!
Ахьа лелориг х1ун ду, ва нана?
Т1едилларан мах хадоран критереш
«5» - цхьа а г1алат ца даьккхина т1едилларехь.
«4»- 1-2 г1алат даьккхина т1едилларехь.
«3» - 3-5 г1алат даьккхина т1едилларехь.
«2» - 5 сов г1алаташ даьхна т1едилларехь.
Текст т1ехь болх
Х1оттийначу суьрте а хьовсий, сацаран хьаьркаш х1иттае.
Б1е эзар шо хьалха массо экха, олхазар д1атийначул т1аьхьа бен ара дала йиш йоцуш, малх ган йиш йоцуш дисина бирдологаш.
«Баба - хоьтту Бирдолаго, - малх! И х1ун ю - малх! Дийцахьа Баба». «И муха дуьйцур ду жиманиг хьуна. Малх – иза ца гича, хала бу бийца». «Хьуна ца гина и Баба?». «Ца гина к1орни». «Баба суна ган лаьа и хаза малх».
«И схьакхетале дукха дахарг хьуна наб кхетар ма ю». Гой хьуна, луьйш – олуш б1уьйса а чекхъели, малхбале а ц1ийелла. Кестта гучубер бу дашо малх. Амма хьан йиш яц и ган, цуьнан йовхонехах, серлонах пайдаэца. Хьо, дукха дахарг Билдолаг ду»,- аьлла, т1етуьйхира.
Айхьа хьайна таллам бе
Б1е эзар шо хьалха массо экха, олхазар д1атийначул т1аьхьа бен ара дала йиш йоцуш, малх ган йиш йоцуш дисина бирдологаш.
«Баба, - хоьтту Бирдолаго, - малх! И х1ун ю - малх! Дийцахьа, Баба». «И муха дуьйцур ду, жиманиг, хьуна. Малх – иза ца гича, хала бу бийца». «Хьуна ца гина и, Баба?». «Ца гина, к1орни». «Баба, суна ган лаьа и хаза малх».
«И схьакхетале, дукха дахарг, хьуна наб кхетар ма ю». Гой хьуна, луьйш – олуш б1уьйса а чекхъели, малхбале а ц1ийелла. Кестта гучубер бу дашо малх. Амма хьан йиш яц и ган, цуьнан йовхонехах, серлонах пайдаэца. Хьо, дукха дахарг, Билдолаг ду»,- аьлла, т1етуьйхира.
Т1едилларан мах хадоран критереш:
«5» - цхьа а г1алат ца даьккхина т1едилларехь.
«4»- 1-2 г1алат даьккхина т1едилларехь.
«3» - 3-5 г1алат даьккхина т1едилларехь.
«2» - 5 сов г1алаташ даьхна т1едилларехь.
КПЭ кечам бар
- Бераш, юха шарахь вайн хинйолчу экзаменехь шолг1ачу декъера т1едахкарийн чулацамер цхьаъ ю т1едерзар
- Муьлха терахь дара цунна? (№ 10)
Д1аеша байташ, байт юкъара лахахь далийначу мог1анашкахь ерриге а ц1оьмалгаш терахьашца билгалйина ю. Т1едерзаркъастош х1иттийначу ц1оьмалгийн терахьаш схьаязде.
Хьекъал оьшу
Автор вовза,
Вовзар оьшу
Автор веза.
З. Джамалханов
Нохчийн мотт, (1) хьо баха бисалахь, (2)
Тахконза дисинчу аганна.
Ненан мотт, (3) хьо хезчохь бисалахь, (4)
Нана мел езачу берана.
(М.Косумов)
Жоп___________________________________
Ненан мотт, (1) хьуна т1е тийжаш, (2)
Хьоьца шен г1елалла ялхош, (3)
Хьоьца шайн дог – ойла г1иттош, (4)
Лайна цара и буьрса денош.
Хьоьца ду суна мел дезнарг, (5)
Вина мохк, (6) нанас сан хестор.
Хьоьца ду сан велар, (7) велхар, (8)
Дахаре сан болу безам.
А. Айдамиров
Жоп___________________________________
Сан куьг, (1) мал ма лолахь, (2) нагахь хьо сацахь, (3)
Деэшна волчунна г1о далур дац соьга.
Сан хьекъал, (4) шорлолахь, (5) хьо готта хьовзахь, (6)
Вон, (7) дикий къесторца кхел ялур яц соьга.
Ю. Сулейманов
Жоп___________________________________
Хьаьнга еха ас хьо, (1) сан куралла?
Хьан лакъий хьо, (2) беза юьхьк1ам сан?
…Сан хилла хьехархой! Дешица кхолуш
Памятник елира сан шуна йилла!
Стиглан марханаш, (3) шу ма ч1аг1а 1еткъа, (4)
Т1етт1а 1аржлуш, (5) те1аш лаьтта т1е!
(Х. Эдильгириев)
Жоп___________________________________
Ешначу текста юкъара лахахь ялийначу предложенешкахь ерриге а ц1оьмалгаш терахьашца билгалйина ю. Т1едерзар билгалдеш х1иттийначу ц1оьмалгийн терахьаш схьаязде.
Цхьогал хилла мацделла, (1) дарделла, (2) г1елделла, (3) цхьана а х1уманах самукъа а ца долуш, шен х1усаман не1аре хиъна 1а, (4) г1еххьа б1аьрса а дайна.
Мацалла техка а техкаш, (5) дуьненна а даръелла йог1у борз шен х1усаман не1аре хиъна 1аш долчу цхьогална т1екхаьчна.
- Салам – маршалла ду хьоьга, (6) сан хьоме доттаг1а, (7) цхьогал!
- Салам – маршалла схьа а оьшуш, (8) цхьогало хаьттира боху:
- Ахь х1ун леладо, (9) хьо лаа – тара араяьллий?
Жоп___________________________________
Ешначу текста юкъара лахахь ялийначу предложенешкахь ерриге а ц1оьмалгаш терахьашца билгалйина ю. Т1едерзар билгалдеш х1иттийначу ц1оьмалгийн терахьаш схьаязде.
- Селхана юьртахь барт бина схьадеана со. Хьайна малуъу юьртахь котомаш, (1) безахь уьстаг1 а баа йиш ю - кха хьан…. Юьрта а г1ой, (2) хьайн гай дуза а дай схьайолахьа,цхьаьна охьохевшина сакъоьруш 1ийр ду вай, (3) – аьлла цхьогало.
- Ахь боккъалла бохий, (4) цхьогал!
- Дера боху – кх. Сан юьртахошца и барт хилла- кх.
- Делахь, (5) яха а г1ой, (6) сайн х1ун хуьлу хьажий со?
Жоп___________________________________
Ешначу текста юкъара лахахь ялийначу предложенешкахь ерриге а ц1оьмалгаш терахьашца билгалйина ю. Т1едерзар билгалдеш х1иттийначу ц1оьмалгийн терахьаш схьаязде.
Цхьана дийнахь юьртахь цхьанакхетта 1аш хилла ши к1ант цхьацца забарш еш.
Вовшийн хьовзон волийча, (1) Шемила элира боху:
Хьажахь, (2) Султан, (3) хьо лахь, (4) ма дукха бераш доьлхур ду – кха хьуна т1аьхьа!
- Хаац, (5) Шамил, (6) суна т1аьхьа мел бераш доьлхур ду – дац – м, (7) амма хьо велча, хьуна т1аьхьа хийла и бежнаш 1оьхур дуй - м хаар суна.
Жоп___________________________________
Т1едилларан мах хадоран критереш:
«8» - цхьа а г1алат ца даьккхина т1едилларехь.
«5»- г1алат даьккхина т1едилларехь.
«3» - 3-5 г1алат даьккхина т1едилларехь.
«2» - 5 сов г1алаташ даьхна т1едилларехь.
КПЭ тетрадаш т1ехь болх бар (ог1о 52,1-3 вариант)
Ешначу текста юкъара лахахь ялийначу предложенешкахь ерриге а ц1оьмалгаш терахьашца билгалйина ю. Т1едерзар къастош х1иттийначу ц1оьмалгийн терахьаш схьаязде.
И г1уллакх ма-дарра ахь схьадийцар-м нийса ду. Ткъа хьайна ахча карийча, (1) ахь и долчунна д1ацадалар – иза оьзда доцуш г1иллакх ду. Гой хьуна, (2) Мурад, (3) и йоккха стаг Забу, (4) доьзал а боцуш, (5) ша цхьа йисна ю, (6) цуьнца и санна г1уллакх мегар дац. Цуьнца–м хаац суна, (7) и санна г1уллакх цхьаьнцца а мегар дац.
Жоп___________________________________
Ешначу текста юкъара лахахь ялийначу предложенешкахь ерриге а ц1оьмалгаш терахьашца билгалйина ю. Т1едерзар билгалдеш х1иттийначу ц1оьмалгийн терахьаш схьаязде.
Дера, (1) Хеда, (2) ца хаьа суна-м, (3) цунна х1ун дича бакъахьа хир дара а, (4) - элира Бабас. – Молханел дарбане ю олура ц1ечу аьттан шура. Цуьнца била а билина, (5) ц1еначу шаршух аса а яьккхина, (6) д1абихкича х1ун дара те?
Нанас д1адиллина ц1ена киса карийра Хедина шайн чохь. Ц1ечу аьттан шура а йолуш яра, (7) кхеран шайн атто елла, (8) бамба а схьаийцира чов ц1анъян.
Жоп_______________________________________________________
Т1едилларан мах хадоран критереш:
«3» - цхьа а г1алат ца даьккхина т1едилларехь.
«2»-1 г1алат даьккхина т1едилларехь.
«1» -2 г1алат даьккхина т1едилларехь.
Жам1 дар
Терахийн диктант
Хьехархочо деллачу хаттаршна жоп ло терахьашца
Х1аъ (да)
0 – х1ан – х1а – (нет)
Т1едерзар грамматически уьйр йоцу дош ду? (1)
Т1едерзар хуьлу цхьана дашах лаьтташ? (0)
Долахь долу ц1ердешнех бан ца хуьлу? (0)
Т1едерзар хуьлу лаамечу билгалдешнех, ц1ердешнех? (1)
Т1едерзар деепричастих хуьлу? (0)
Предложенин юьххьехь долчу т1едерзарна, къасттина ч1ог1а олуш хилахь, т1ехьа айдаран хьаьрк дуьллу? (1)
Т1едерзар цхьанатайпанара хила йиш ю? (1)
Айхьа хьайна таллам бе
1
0
0
1
0
1
1
Мах хадоран критериш
Терахьийн диктантан мах хадош х1окху критеришна т1етовжа мегар ду:
«5» - 1 - 2 г1алат
«4» - 3 - 4 г1алат
«3» - бакъонаш карлаяха
Деффинцировани ц1ахь бан болх
1-ра тоба $ 31 1амае, кхочушде 114 шардар.
– г1а тоба 5-6 т1едерзарш юкъахь долуш предложенеш х1иттае
– г1а тоба Т1едерзарш юкъахь долуш диалог х1оттае.
Рефлекси
Х1ун 1алашо яра вай?
Коьчний вай цу 1алашоне?
Шаьш бинчу балхана мах хадабо
Урок
Тамехь яра
Сингатаме
Бендоцуш
Со урокехь
Болх беш вара (яра)
Садо1уш вара (яра)
Кхечарна г1о деш вара (яра)
Жам1
Коьчалах кхетта
Сайна хуучулла а алсам хиина
Ца кхетта
Вайн таханлера урок Саиев 1умарс ЛАРБЕЛАШ НЕНАН МОТТ язйинчу байтаца ерзо лаьа суна
Варийлаш, ларбелаш
Ненан мотт сийлахь,
Дог токхдеш бийцарца
Диканехь – вуонехь….
Цу маттахь шу вовшех
Дага ца дийлахь,
И бицлуш лаьттар бу
Даймехкан сонехь
Баллаш | |
Гайтаран диктант | |
Фронтальни хаттарш | |
Чекхъяха предложенеш Мукъа хан | |
КПЭ Кхо тускар Текст т1ехь болх бар КПЭ – тетрадаш т1ехь болх бар | |
Терахийн диктант | |
Оценка | |
Бинчу белхан мах хадоран критереш
35 – 30 - 5 дуьллу
29 - 25 – 4 дуьллу
24 - 15 - 3 дуьллу
1 -14 – 2 дуьллу
17
Адрес публикации: https://www.prodlenka.org/metodicheskie-razrabotki/278774-t1ederzar-t1ederzareh-1amijnarg-karladakkhar
БЕСПЛАТНО!
Для скачивания материалов с сайта необходимо авторизоваться на сайте (войти под своим логином и паролем)
Если Вы не регистрировались ранее, Вы можете зарегистрироваться.
После авторизации/регистрации на сайте Вы сможете скачивать необходимый в работе материал.
- «Концепция совершенствования деятельности органов опеки и попечительства в отношении несовершеннолетних граждан: основные аспекты реализации»
- «Учебный курс «Вероятность и статистика»: содержание и специфика преподавания в условиях реализации ФГОС ООО и ФГОС СОО»
- «ОГЭ по физике: содержание экзамена и технологии подготовки обучающихся в соответствии с ФГОС»
- «Основы реабилитации»
- «Социальное, эстетическое и патриотическое воспитание школьников в условиях реализации ФГОС»
- «Социально-психологическое сопровождение семей, находящихся в социально-опасном положении и тяжелой жизненной ситуации»
- Социально-педагогическая деятельность в образовательной организации
- Дошкольная педагогика: теория и методика обучения и воспитания
- Секретарь учебной части. Делопроизводство в образовательной организации
- Педагогика и методика преподавания химии
- Теория и методика преподавания основ безопасности жизнедеятельности
- Педагогическое образование: теория и методика преподавания биологии

Чтобы оставлять комментарии, вам необходимо авторизоваться на сайте. Если у вас еще нет учетной записи на нашем сайте, предлагаем зарегистрироваться. Это займет не более 5 минут.