Охрана труда:
нормативно-правовые основы и особенности организации
Обучение по оказанию первой помощи пострадавшим
Аккредитация Минтруда (№ 10348)
Подготовьтесь к внеочередной проверке знаний по охране труда и оказанию первой помощи.
Допуск сотрудника к работе без обучения или нарушение порядка его проведения
грозит организации штрафом до 130 000 ₽ (ч. 3 статьи 5.27.1 КоАП РФ).
Повышение квалификации

Свидетельство о регистрации
СМИ: ЭЛ № ФС 77-58841
от 28.07.2014

Почему стоит размещать разработки у нас?
  • Бесплатное свидетельство – подтверждайте авторство без лишних затрат.
  • Доверие профессионалов – нас выбирают тысячи педагогов и экспертов.
  • Подходит для аттестации – дополнительные баллы и документальное подтверждение вашей работы.
Свидетельство о публикации
в СМИ
свидетельство о публикации в СМИ
Дождитесь публикации материала и скачайте свидетельство о публикации в СМИ бесплатно.
Диплом за инновационную
профессиональную
деятельность
Диплом за инновационную профессиональную деятельность
Опубликует не менее 15 материалов в методической библиотеке портала и скачайте документ бесплатно.
29.11.2019

Ошаев Халидан дахар а, кхолларалла а

1).1аморан: яздархочун кхоллараллех лаьцна хаам бар.
2).кхиоран:1амийначух кхетаран талламбар;
3).кхетош- кхиоран: Даймахке а, 1аламе а дешархойн безам кхиор.
Урокан хьесап:1аморан.
I. Урок д1аяхьар.
Дешархойн ойла т1еерзор. (Маршалла хаттар, охьаховшар, урокана оьшу г1ирс кечбар, боцурш билгалбахар).
Марша дог1ийла шу, хьомсара хьеший а, хьоме дешархой а ! Дуьненах самукъа долуш, хаарийн к1оргенашка кхочуш, дахарехь ирсе долуш, даим дегнашкахь маьлхан йовхо йолуш, цо дегнаш хьоьстийла шун! Шу денна а керлачу хааршка дехьадуьйлу, 1амадо хьалха шайна ца хиънарг а, ца девзинарг а. Иштта вайн таханлерчу нохчийн литературин урокехь а 1емар ду шуна керланиг. Д1адуьйлалой вай!?

Содержимое разработки

Урок дIаяьхьнарг Гайрабекова М.Х.

Урокан ц1е:Ошаев Халидан дахар а, кхолларалла а.

Урокан тайпа:керланиг довзийтар.

Урокан г1ирс: учебник, сарташ.

1алашонаш:

1).1аморан: яздархочун кхоллараллех лаьцна хаам бар.

2).кхиоран:1амийначух кхетаран талламбар;

3).кхетош- кхиоран: Даймахке а, 1аламе а дешархойн безам кхиор.

Урокан хьесап:1аморан.

I. Урок д1аяхьар.

Дешархойн ойла т1еерзор. (Маршалла хаттар, охьаховшар, урокана оьшу г1ирс кечбар, боцурш билгалбахар).

Марша дог1ийла шу, хьомсара хьеший а, хьоме дешархой а ! Дуьненах самукъа долуш, хаарийн к1оргенашка кхочуш, дахарехь ирсе долуш, даим дегнашкахь маьлхан йовхо йолуш, цо дегнаш хьоьстийла шун! Шу денна а керлачу хааршка дехьадуьйлу, 1амадо хьалха шайна ца хиънарг а, ца девзинарг а. Иштта вайн таханлерчу нохчийн литературин урокехь а 1емар ду шуна керланиг. Д1адуьйлалой вай!?

II. Ц1ахь бина болх таллар.
-«Йиша т1емало» ц1е йолчу поэми т1ехь юьйцург мила ю?
-Муьлха хан ю поэми т1ехь юьйцург?
-Муха хета шуна,х1унда тиллина поэта шен поэмина «Йиша т1емало» аьлла ц1е?
-Авторан турпалхочух дог лозуш хилар стен гойту?

III.Хаарийн актуализаци. (Презентаци-2 слайд)

Хьехархочо хаттарш до.

-Хьа эр дара соьга, мила ву Ошаев Х.?

(Нохчийн яздархо).

-Ошаев Халидан муьлха произведенеш евза шуна?

(«Асламбек Шерипов», «Брест- ц1еран б1ар»).

-Х1инца вай Ошаев Халидах лаьцна ладуг1ар ду _________________________ .

Цхьана дешархочо йоьшу Ошаевх лаьцна доклад.

Дешархочун докладаца гойту презентаци.

- Баркал. Дела реза хийла!

IV.Керла хаарш, г1уллакхдаран некъаш 1аморан мур.

Яхдархочун а, Даймехкан 1аламан а сарташ ду уьн т1е д1атоьхна.

Говаьлла нохчийн яздархо ОшаевХалид вина 1898-чу шарахь Атаг1а юххехь Шуьйта боьдучу некъан аьтту аг1ор хиллачу Воздвиженски слободахь Чахкара –г1алахь-хьуьнхочун доьзаллехь. Халидан да Дуда а, нана Небиет
Хьешадена ч1ог1а т1ера дара.Говзачу дийцархошка ладоьг1уш,дуккха а туьйранаш а, халкъан дийцарш а 1амийра Халида.1916-чу шарахь Соьлжа-г1алахь реальни училище чекхъяккхинчул т1аьхьа Петрограде хьуьнан институте деша воьду иза.1918-чу шарахь дуьйна дакъалаьцна революцин къийсамашкахь,граждански т1амехь.Ошаевн яздархочуьн некъ д1аболабелла 20-чу шерашкахь очеркаш, фельетонаш, дийцарш яздарца. Дуьххьарлера цо язйина «Дайн 1адат» ц1е йолу пьеса ч1ир эцаран 1адат г1арадоккхуш ю. Цу хенахь дуьйна цо язйина дуккха а исбаьхьаллин произведенеш . Царах коьрта лара мегар ду пьесаш«Асланбек Шерипов», «Ахьмар-Хьаьжа», «Сайн декхар лору», «Цхьана буйнахь ши хорбаз»; повесташ «Вендетта», «Брест ц1еран б1ар», Ханпаша Нурадиловх лаьцна очерк а. Къаьсттина меттиг д1алоцу Ошаев Халидан кхоллараллехь «Алун шераш» роман-эпопеяс. Хала бара Ошаев Халидан дахаран некъ. 1977-чу шарахь хедира дахаран некъ.

III.Физминот.

-Бераш, цхьажимма са а до1уш , Даймахках лаьцна кицанаш хьа дуьйцур дара?

а).Нехан юьртахь эла хуьлачул а, шен махкахь лай хилар г1оле ю.

б).Дика еъна гуьйре , буьзна никх санна ю.

в).1уьйре ц1ийелча- кхоллар кечъе, суьйре ц1ийелча- кхаллар кечде.

Г). Ненан сий динарг махко а лерина.

Д)Даймохк-нана, нехан мохк-десте.

Е) Даймехкан латта-ялсамане, хи-моз.

IV.Керла 1амийначу кхеторан хьалхара талламбаран мур.

1. Хьехархочо дийцар доьшу.

2. Дийцаран чулацам т1ехь болх бар.

Хаттарш далар:

А). Муьлш бу коьрта турпалхой?

-Вай къам махках даьккхина хан коьрта турпалхой: Даду, Мохьмад, церан ж1аьла Чайра.

Б).Шен Даймахкана са муха гатдо Мохьмада ? Х1унда вара иза шен ц1а ваха сатесна?

-Даймохк дукхабеза цунна. Цо цуьнга сатеснийла хаьа вайна, цуьнан ц1ерпошта т1ера охьавоьссина багах девлачу дешнашца: «Даймохк…».

В).Х1ун ю цуьнан юьртан ц1е?

-Лаха- ч1инха ю.

Г).Шайн хилла ж1аьла гича х1ун дог-ойла кхоллало Мохьмадан даг чохь?

-Цунна ч1ог1а хазахета и гича. И дийна дисарх воккхаве иза.

V.Т1еч1аг1даран болх.

1.Дийцар дешархошка дешийтар.

2. Шина-кхаа дешархочуьнга шайн Даймахках лаьцна ши-кхо предложени х1оттаяйтар.

VI.Урокехь 1амийначун жам1 дар.

-Хьа язйина вай тахана 1амийна дийцар?

(Ошаев Халида).

-Х1унда тиллина, шуна хетарехь, автора цунна ц1е «Чайра» аьлла?

(Турпалхочун ц1а а и ж1аьла а цаьрга болу безам Даймахке нисса лору автора).

VII.Рефлексин мур.

-Таханлера вайн урок муха хийтира шуна?

-Дийцар хазахийтирий шуна ?

-Х1инца вай аша бинчу белханмах хадош синквейн язйийр ю.

Синквейн (1алам, Даймохк дешнаш)

-Хьа язйийр яра иза?

1алам

Самукъане, ц1ена, хаза

Оьшу, лардо, тово

Саде1арна ч1ог1а оьшу

Х1аваъ.

Даймохк

Хаза, ирсе, мерза

Беза къоьллина

Нана-Даймохк

-Дика ду. Нийса язйина.

VIII.Ц1ахь бан болх.

1.Дийцар чекхдаллалц деша, чулацам хаа, хаттаршна жоьпаш ло.

2.Даймахках лаций шайн белхан тетрадаш т1ехь жима дийцар язде.(4-5 предложени).

Ошаев Халид Дудаевич(1898-1977 шш)

Котар-Юртарчу №2 йолчу юккъерчу школан

хьехархочун А.З. Эхаева

6-чу «А» классехь нохчийн литература хьехаран йиллина урок.

24. 01. 2018 ш.

Адрес публикации: https://www.prodlenka.org/metodicheskie-razrabotki/384643-oshaev-halidan-dahar-a-khollaralla-a

Свидетельство участника экспертной комиссии
Рецензия на методическую разработку
Опубликуйте материал и закажите рецензию на методическую разработку.
Также вас может заинтересовать
Свидетельство участника экспертной комиссии
Свидетельство участника экспертной комиссии
Оставляйте комментарии к работам коллег и получите документ
БЕСПЛАТНО!
У вас недостаточно прав для добавления комментариев.

Чтобы оставлять комментарии, вам необходимо авторизоваться на сайте. Если у вас еще нет учетной записи на нашем сайте, предлагаем зарегистрироваться. Это займет не более 5 минут.

 

Для скачивания материалов с сайта необходимо авторизоваться на сайте (войти под своим логином и паролем)

Если Вы не регистрировались ранее, Вы можете зарегистрироваться.
После авторизации/регистрации на сайте Вы сможете скачивать необходимый в работе материал.

Рекомендуем Вам курсы повышения квалификации и переподготовки