Охрана труда:
нормативно-правовые основы и особенности организации
Обучение по оказанию первой помощи пострадавшим
Аккредитация Минтруда (№ 10348)
Подготовьтесь к внеочередной проверке знаний по охране труда и оказанию первой помощи.
Допуск сотрудника к работе без обучения или нарушение порядка его проведения
грозит организации штрафом до 130 000 ₽ (ч. 3 статьи 5.27.1 КоАП РФ).
Повышение квалификации

Свидетельство о регистрации
СМИ: ЭЛ № ФС 77-58841
от 28.07.2014

Почему стоит размещать разработки у нас?
  • Бесплатное свидетельство – подтверждайте авторство без лишних затрат.
  • Доверие профессионалов – нас выбирают тысячи педагогов и экспертов.
  • Подходит для аттестации – дополнительные баллы и документальное подтверждение вашей работы.
Свидетельство о публикации
в СМИ
свидетельство о публикации в СМИ
Дождитесь публикации материала и скачайте свидетельство о публикации в СМИ бесплатно.
Диплом за инновационную
профессиональную
деятельность
Диплом за инновационную профессиональную деятельность
Опубликует не менее 15 материалов в методической библиотеке портала и скачайте документ бесплатно.
22.12.2022

План конспект урока

Исакова Айшат Магомедовна
учитель родных языков
План конспект разработан для 4 класса по чеченской литературе . Соблюдены все методы и правила ФГОС
НОО . Урок разработан с требованиями ФГОС . Урокан ц1е: П.Хатуева : « Къонах хьанах олу ?»
1алашо: П. Хатуевас яздина дийцар «Къонах хьанах олу?» довзийтар. Нийса а , шера а , кхеташ а дийцаран тесташ еша 1амор. Берийн къамел, ойлаяр , тидам бар алсамдер ду.

Содержимое разработки

Урокан ц1е: П.Хатуева : «Къонах хьанах олу?»

1алашо: П. Хатуевас яздина дийцар «Къонах хьанах олу?» довзийтар. Нийса а , шера а , кхеташ а дийцаран тесташ еша 1амор. Берийн къамел, ойлаяр , тидам бар алсамдер ду.

Кхочушдан лерина жам1аш:

1.Предметни: дийцаран чулацамах лаьцна шайн кхетам хир бу. Дешархошна шайн дагахь еша, хезаш еша хуур ду. Шаьш хьалха йоьшуш даьхна г1алаташ нисдийр дую ха ешарца.

2. Метапредметни:

  • Регулятивни:берашна хуур ду керла темин 1алашонаш билгалъяха. И 1алашонаш кхочушъян нийса некъаш карор бу. Берашна хуур ду шайн болх цхьана рог1аллица д1абахьа, кхиамаш бовза , царех пайдаэца.

  • Коммуникативни: берашна хуур ду хьехархочуьнца къамел д1дахьа, шеен накъосташца къамел д1адахьа. Шайн жоьпаш бух болуш хуьлуьйтур ду цара(масалашца т1е а ч1аг1деш).

  • Познавательни: берашна 1емар ду книгица болх бан, оьшу г1ирс каро, цунах пайдаэца. Берашна девзар ду керла дешнаш.Берашна 1емар ду адамийн дика аг1онаш талла, церан бахьнаш довза.

3. Личностни: берийн амалех кхуьур бу дика аг1онаш: хьаша-да лерар, г1иллакх,оьздангалла.

Урок д1аяхьар.

  1. Маршалла хаттар.

Де дика хуьлийла шу бераш.( Диканца дуккха яхийла )

  1. Ц1ера болх таллар.

(Бераша схьадуьйцу 1. Гайсултановн «Юург ца хилча…» дийцар).

  1. Мотт шарбар.

Жовза, Жовза, Сахьтан цамза хьовза. Сиха ма хьийза, Хьан кортахьийза. -Д1аеша байт меллаша. Еша чехка.

Уьн т1е д1аяздо.

Г1езо шена пондар эцна,

Цунна даьлла 1уьрг ду гуш.

Дика локху пондаро,

Цунна ву со теш,

Г1езо санна «шашш» а деш.

-Д1аеша байт. Муха ю иза? (Беламе).

-Д1аеша массара цхьана. Д1аеша нийса.

4. 1алашо йовзийтар.

-Д1аелла учебникан 33-34-г1а аг1онаш . Муьлха дийцар доьшур ду вай тахана? ( «Къонах хьанах олу?»).

-Мила ву цуьнан автор? (П. Хатуева).

-Хьанах лаьцна хир бу цуьнан чулацам?

-Муха болх бийр бу вай цунах дика кхета?

-Бераш, вайна тахана девзар ду П.Хатуевас яздина «Къонаха мила ву?» ц1е йолу дийцар. Шуна 1емар ду нийса , шера еша. Таро хир ю хаа, хьанах олу къонах.

5. Керла тема хьехар.

  • Хьехархочо д1адоьшу П. Хатуевас яздина «Къонах хьанах олу?» ц1е йолу дийцар.

  • Чулацамах кхетор.

-Хьанах лаьцна ду дийцар? (Къонахчух).

-Муха хила иза? (Наха дика ц1е йоккхуш хилла цуьнан).

-Х1ун дагадеана сонтачу стагана? (Къонахчун ц1е дика д1а х1унда яхана талла дагадеана).

-Х1ун аьлла цо къонахчуьнга? (Хьо соьл т1ехь къонах велахь , соьца ницкъ а , майралла къовса еза ахьа).

-Муха жоп ло цуьнга къонахчо? (Хьо сол ницкъ болуш хилар гуш ду , ткъа мацралла аса хьуна д1ало. Воло чу, чай мер вайша аьлла ).

-Къонахчун амалехь муьлха аг1онаш гойту оцу дешнаша? Къастаде жоп.

  • Къонах кхеравелла, шеца ницкъаца къовса аьлча.

  • Къонах хьекъал долуш ву, цунна дов ца деза, иза г1иллакх долу ш ву.

-Муха ц1а хьажош хила къонахчо сонта стаг? (Цо хьошалла а дина , ц1а хьажош таьлсаш чу жижиг диллина хила цунна).

-Муьлха аг1о гойту оцу г1уллакхо къонахчун амалехь? (Иза комаьрша ву).

-Юха х1ун хаттар делла сонтачо юха а? (Иза ца кхета ,х1унда аьлла цунах къонах.Юха-хаттар до цо,хьан иштта дика ц1е х1унда д1аяхана олий?

-Сонтачун ойланехь къонах муханиг ву? Харжа жоп.

  • Онда дег1 долуш,ницкъ болуш, ка даьлччохь лата а леташ,дов долош вверг ву.

  • Г1иллакх дерг, оьзда стах, нахаца тарлуш верг, комаьршаниг.

-Шуна муьлханиг хетта къонах?

-Муха жоп ло къонахчо? (Цо олу ша цунна хьошалла лелорах, ша цунна деллачу жижигах т1етуху: «Оццул соьх хьайна пайда баьлча ,хьан х1ун галдолу сох къонах аьлча?).

-Цуьнан амалан муьлха аг1о гойту оцу дешнаша? (Иза забаре стаг ву).

6. Сада1аран миноташ.

Маьлхан серло яржале -

Цхьаъ - шиъ - кхоъ,

Г1енаш лахка, човхаде -

Цхьаъ, шиъ - кхоъ.

Йиша,ваша г1аттаде

-Цхьаъ -шиъ - кхоъ.

Физзарядка йолае

-Цхьаъ - ш иъ -кхоъ.

Т1аьхьараалар:

Цхьаъ - шиъ - кхоъ,

Цхьаъ - шиъ - кхоъ,

Цхьаъ - шиъ - кхоъ,

Цхьаъ - шиъ - кхоъ.

Меттахвала, кхоссало

Цхьаъ - шиъ - кхоъ,

Г1аж схьалаца, кхозало -

Цхьаъ - шиъ - кхоъ.

Куьйгаш айба, волало -

Цхьаъ - шиъ - кхоъ.

Ницкъ бохьур бу боларо -

Цхьаъ - шиъ - кхоъ.

(Цугаев Салман)

XIapa физминот музыка а локхушян тарло. Багахь x1apa йиша локхуш зарядка яйта тарлуш ду.

7.Керла тема кхин д1а а хьехар.

  • Хьехархочо д1адоьшу П. Хатуевас яздина «Къонах хьанах олу?» ц1е йолу дийцар.

  • Къастош еша.

-Д1аеша къонах вовзуьйтуш язйина к1айдарг.

-Д1адеша къонахчун , сонтачун хилла къамел.

-Д1аеша сонта стаг хьошалла а дина ц1а хьажорах лаьцна йолу к1айдарг.

-Д1адеша къонахчо делла жоп.

-Х1ун хьоху оцу дийцаро? Х1ун маь1на ду цуьнан? (Нахе лерийта стаг г1иллакхе ,оьзда комаьрша хила веза. Иштта хилча наха лоьру адма)

-Нахе лерийта х1ун оьшу?(Нахе лерийта нах ша лоьруш хила веза стаг).

-Сонтачу стагана хьошал ца динехь ,къонаха хир варий цунах? (Вацара).

-Х1унда? (Къонахчун г1иллакхе болу аг1о хир бацара цуьнан)

8. Рефлекси.

Чакхъяха предложенеш:

  • Суна тахана урокехь хии…

  • Со ч1ог1а реза ву….

  • Т1ейог1учу урокехь сунна лаьа…

9. Жам1 дар.

-Муьлха дийцар девзи вайна?

-Мила ву цуьнан автор?

-Хьанах лаьцна ду иза?

-Муха хила веза къонах?

10. Ц1ахь бан болх балар.

1. Д1адеша П. Хатуевас яздина дийцар : «Къонаха мила ву?».

Адрес публикации: https://www.prodlenka.org/metodicheskie-razrabotki/519547-plan-konspekt-uroka

Свидетельство участника экспертной комиссии
Рецензия на методическую разработку
Опубликуйте материал и закажите рецензию на методическую разработку.
Также вас может заинтересовать
Свидетельство участника экспертной комиссии
Свидетельство участника экспертной комиссии
Оставляйте комментарии к работам коллег и получите документ
БЕСПЛАТНО!
У вас недостаточно прав для добавления комментариев.

Чтобы оставлять комментарии, вам необходимо авторизоваться на сайте. Если у вас еще нет учетной записи на нашем сайте, предлагаем зарегистрироваться. Это займет не более 5 минут.

 

Для скачивания материалов с сайта необходимо авторизоваться на сайте (войти под своим логином и паролем)

Если Вы не регистрировались ранее, Вы можете зарегистрироваться.
После авторизации/регистрации на сайте Вы сможете скачивать необходимый в работе материал.

Рекомендуем Вам курсы повышения квалификации и переподготовки