Охрана труда:
нормативно-правовые основы и особенности организации
Обучение по оказанию первой помощи пострадавшим
Аккредитация Минтруда (№ 10348)
Подготовьтесь к внеочередной проверке знаний по охране труда и оказанию первой помощи.
Допуск сотрудника к работе без обучения или нарушение порядка его проведения
грозит организации штрафом до 130 000 ₽ (ч. 3 статьи 5.27.1 КоАП РФ).
Повышение квалификации

Свидетельство о регистрации
СМИ: ЭЛ № ФС 77-58841
от 28.07.2014

Почему стоит размещать разработки у нас?
  • Бесплатное свидетельство – подтверждайте авторство без лишних затрат.
  • Доверие профессионалов – нас выбирают тысячи педагогов и экспертов.
  • Подходит для аттестации – дополнительные баллы и документальное подтверждение вашей работы.
Свидетельство о публикации
в СМИ
свидетельство о публикации в СМИ
Дождитесь публикации материала и скачайте свидетельство о публикации в СМИ бесплатно.
Диплом за инновационную
профессиональную
деятельность
Диплом за инновационную профессиональную деятельность
Опубликует не менее 15 материалов в методической библиотеке портала и скачайте документ бесплатно.
07.02.2023

Разработка урока по чеченской литературе в 5 классе на тему: Творчество писателя Саида Бадуева. Знакомство с содержанием рассказа «Зайнди»

Исрапилова Зарема Вахитовна
Учитель чеченского языка и литературы
Нохчийн литературин урок 5 чу классехь. Урокан ц1е: Бадуев Саь1идан кхолларалла а, цуьнан «Зайнди» ц1е йолу дийцар а. Разработка урока по чеченской литературе в 5 классе на тему: Творчество писателя Саида Бадуева. Знакомство с содержанием рассказа «Зайнди».

Содержимое разработки

Нохчийн литературин урок 5 чу классехь

Урокан ц1е: Бадуев Саь1идан кхолларалла а, цуьнан «Зайнди» ц1е йолу дийцар а.

1алашо: яздархочун дахарх лаьцна боцца хаамаш;

дийцарехь вайнехан хьалхарлера 1ер-дахар гайтар;

зайндин г1ийла ,меца бералла;

Арухин а, Зайндин а вовшашца йолчу юкъаметтигах лаьцна дийцар;

берийн дегнашкахь къинхетам кхиор.

Урок д1аяхьар.

  1. Маршалла хаттар.

  2. Таханлерчу урокан ц1е: Бадуев Саь1идан кхоллараллех,цуьнан «Зайнди» ц1е йолчу дийцарх долу хаарш карладахарх, т1еч1ахдарх лаьцна ю.

- мила ларалуш ву Бадуев Саь1ид?

- езаш хиллий Саь1идана халкъан барта кхолларалла?

- х1ун пайда оьцуш хилла цо халкъан барта кхоллараллех?

Хьехархо: кхин х1ун эр дара вай Саь1идан дахарх а, кхоллараллех а лаьцна?

Дешархо: иза вина 1903 шеран 28-чу августехь Соьлжа -г1алахь.Яздархочун да Сулейман Хьалха-мартант1ера схьабевллачу совдегарех вара. Оьрсийн-японски т1амехь 1904-1905-чуй шерашкахь дакъалоцуш хилла иза.

Дешархо: Саь1идан нана Укаева Зайдат Йоккхачу Атаг1ара яра. К1ентан бералла д1адахана Соьлжа-г1алахь а,Хьалха-мартант1ехь а, ненахой бехачу Йоккхачу Атаг1ахь а.

Дешархо: Соьлжа г1аларчу реальни училише деша д1авелира саь1ид шен дас. Ойла т1еяхийтина, лерина доьшу цо. Шен накъосташна юккъехь к1еда-мерза воллуш а, дешарна т1ера хиларца а билгалвелира иза. Къаьсттина дукха езара Бадуевна исбаьхьаллин литература.

Дешархо: ц1еххьана бохам беара Бадуевхера доьзале, 1914 шарахь кхелхира доьзалан да Сулейман. Ц1а а веана, Мартант1е д1авоьллира иза. Ворх1 бераца йисира нана, Саь1идан уггаре а жимах йолу йиша Маки да д1аваьллачул т1аьхьа дуьненчу елира. Хала дара байлахь бисинчу доьзална.

Дешархо: реальни училищехь дешар мехах дара. Нанна хала дара доьзал кхаба. Доьшуш болчу Саь1идана а, цуьнан вежаршна а т1ера мах бала таро йоцуш меттигаш а йог1ура. Шен ма-хуьллу дешар чекхдаккха г1иртира Саь1ид, амма г1уллакх ца хилира. Дешаран шо чекхдала цхьа бутт бен ца биснера хинволу яздархо реальни училищера д1авоккхуш.

Дешархо: Саь1ид доьзалехь воккханиг хиларе терра цунна т1аьхь дара кегийчийн тергояр. Иза балха вахара. Болхбарца цхьаьна д1ахьора цо, ша-шеца доьшуш, шен хаарш т1едузар. 1922 шарахь Орджоникидзехь кооперативни курсаш чекхъехира Бадуевс. Цул т1аьхьа цхьаьна муьрехь товароведан болх бира. Амма цуьнан шовкъ йолуш болх бацара иза, цуьнан дог ца летара оцу г1уллакхех. Шен къоман йоза-дешар даржорехь, халкъ 1илманан серлонга доккхучу балха т1ехь дакъа лацар дара бадуевна лууш дерг. Шен 1алашо кхочушъярхьама хьехархойн курсашка деша вахара иза. Уьш чекх а яьхна хьехархочун болх бира цо. Школехь берашна хьехарца цхьаьна, баккхийчарна йоза-дешар а 1амадора Саь1ида. 1аламат сиха кхиира яздархочун кхоллараллин корматалла.

Хьехархо: муьлха произведенеш язъйина Саь1ида?

Дешархо: Бадуевс язйина цхьамог1а произведенеш: «Олдам», «Бешто», «Ц1еран арц», « Г1у», «Зайнап», «1адат», «Баудди», «Бекхам» иштта д1а кхин а дийцарш а, повесташ а.

Дешархо:стихотворени «Нана»

Х1ун илли ала ас, шу дезар, дуьйцуш? Х1ун байташ язъе ас, шу ларар дуьйцуш?

Х1ара дуьне, хаалаш, шун дуьхьа лаьттий схьакхета дашо малх, шун дуьхьа кхетий, вайн шийла шовданаш шун дуьхьа дуьйлу,

Олхазарш илли а шуна ма олу.

Т1оьар дац дешнаш сан шун дикалла йийца, тхан хьоме наной, даима могшаллица дехийла тхуна, б1аьргаш чохь бода цкъа а ма хуьлда!

Хьехархо:

- вайна шуьца девзинчу дийцаран ц1е х1ун ю?

- коьрта турпалхо мила ву дийцар т1ехь?

- х1ун сингаттам бара Зайндига беанарг?

- муха лелош вара нанас к1ант?

- х1ун тайпа хийцамаш хилира цуьнан дахарехь нана кхелхинчул т1аьхьа?

- шеца шен нана санна хир ю моьттуш Арухица муха вара к1ант?

- х1унда ца везавелира Арухина Зайнди? Муха ловра Зайндис Арухас шена бен ницкъ?

- ша санна долчу берех Зайнди хьоьгуш хиларан бахьана дийца. Стенга сатесна хилла и?

- Арухас ша базара йоьдуш х1ун г1уллакхаш де аьлла витира ц1ахь Зайнди? Схьа а лахий, д1аеша и меттиг.

- к1анте кхочуш дан делирий цуьнан хьашташ?

- Зайндин доттаг1 1алболат муха к1ант хета шуна?

- ша ц1а даийтинчу кехат т1ехь х1ун яздинера Зайндис?

- дийца, х1ун бахьна ду к1ентан сатийсамаш кхочуш хиларан?

- бехк боцуш Зайнди ша хьийзаварна Аруха дохкояларан х1ун бахьана ду?

Арухас а, Бисолтас а Зайнди хьийзавар юьртахоша т1е муха лецира?

- муха к1ант ву Зайнди?

Хьехархо: Арухас зайндина еш йолу г1ело яздархочо къобал ца йо. Зайндин сатийсам кхочушхуьлу, иза шен 1алашоне а кхочу.

Цунна уггар ч1ог1а дезаш хилларг, иза дешар дара,цо деша а доьшу,цунах дика к1ант а хуьлу.

Дешархой: «Зайнди» дийцар т1ера кийсак.

Дешархо: стихотворени «Нана»

Жималлехь сан ага техкош, хир ю хьо набарх хьегна, даггара везарца хестош, хир ду ахь коьртах куьг хьекхна.

Нанна бер мел деза хууш, вацара со, хиларна жима.

И безам бохо ницкъ болуш, ца хилла-кх дуьненахь х1ума.

Дешархо: стихотворени «Ненан безам» Эдилов Х-М.Э.

Хьозано к1орнеш яьхнера тхов к1елахь, карница чохь. Хаддаза хезара церан цхьа г1ийла, цхьа буткъа мохь.

Сов сиха хьийзара нана, яхьара цаьпцалг я ц1оз. Тахана санна, и кхана хуьлура к1орнеш юзош.

Х1усамдас, чу поппар тоьхна, дуькъира цу бенан 1уьрг. Хьозано, бешара лехна, еара цхьа ц1озан цуьрг.

Хьаьвзира и хьоза гонах, беттара к1орнешка мохь.

И нана кхоьрура вонах – шен бераш даларх цу чохь.

Кхойкхура к1орнеш а нене, мацалла йоьлхура уьш. Кхача ца кхочура бена, нана яц т1екхачалуш.

Бен баста г1иртира хьоза, ницкъ ма-ббу еттара з1ок. Куьйгаш дац хатташ схьаоза, г1орто бац нуьцкъала ког.

Т1аьхь-т1аьхьа г1еллора к1орнеш, мацалла лахлора аз. Хьозанан аьтто бохарна, г1аьттина массо а са.

Ц1еххьана г1аьттина т1ома, яьккхира цо к1орнийн ц1е. Шен безам – уьш йолччу хьоме, кхийтира карница т1е.

Пенаца дуьйжира лаьтта цкъа-шозза г1аттийра з1ок. Ша охьадоьжначу меттехь дисира, и сецна дог.

Жам1 дар.

Хьехархо: гой шуна, хьозанан к1орнеш елахь а, цо дуьйцу уьш муха кхиайо, царах мел дог лозу. Адам делахь а, муьлхха а садолу х1ума елахь а ненан дог, безам ч1ог1а хилар, цхьабосса, цхьа ойла йолуш хилар гайта г1ерта вайна автор. Кху стихотвореница дуьстича Арухин а, х1усамден а къизалла ю вайна гучуйолуш ерг. Поэтийн дог лозу хьозанан к1орнех а, Зайндех а.

Ц1ахь бан болх: «х1унда лаьа суна Зайндих тера хила» бохучу хаттарна йозанца жоп ло.

  1. Муха кхиъна и?

  2. Х1ун халонаш лайна цо?

  3. Делахь а цуьнга хьаьжина ца 1еш, х1ун стаг хилла цунах?

Адрес публикации: https://www.prodlenka.org/metodicheskie-razrabotki/526001-razrabotka-uroka-po-chechenskoj-literature-v-

Свидетельство участника экспертной комиссии
Рецензия на методическую разработку
Опубликуйте материал и закажите рецензию на методическую разработку.
Также вас может заинтересовать
Свидетельство участника экспертной комиссии
Свидетельство участника экспертной комиссии
Оставляйте комментарии к работам коллег и получите документ
БЕСПЛАТНО!
У вас недостаточно прав для добавления комментариев.

Чтобы оставлять комментарии, вам необходимо авторизоваться на сайте. Если у вас еще нет учетной записи на нашем сайте, предлагаем зарегистрироваться. Это займет не более 5 минут.

 

Для скачивания материалов с сайта необходимо авторизоваться на сайте (войти под своим логином и паролем)

Если Вы не регистрировались ранее, Вы можете зарегистрироваться.
После авторизации/регистрации на сайте Вы сможете скачивать необходимый в работе материал.

Рекомендуем Вам курсы повышения квалификации и переподготовки